Нассау (Багама) (original) (raw)
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Нассау.
ГIала | |
---|---|
Нассау | |
инг. Nassau | |
ХӀост ХӀост | |
25°04′ къ. ш. 77°20′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Багама |
Регион | Нью-Провиденс |
КӀошт | Нью-Провиденс |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1695 |
Майда | 207 км² |
Центран локхалла | 34 м |
Сахьтан аса | EDT |
Бахархой | |
Бахархой | 274 400 стаг (2016) |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +1 242 |
bahamas.gov.bs | |
Картин тӀехь | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
На́ссаура круизан кеманийн терминал
Космосера даьккхина На́ссаун сурт
На́ссау (инг. Nassau; ['nasɔː][1]) — Багаман ГӀайренийн коьрта гӀала, махлелоран а, оьздангаллин а йукъ, ткъа иштта мехкан уггаре йоккха гӀала. Нассаун бахархойн барам 274 400 стаг ву (2016).
ГӀала лаьтта Нью-Провиденс гӀайрен тӀаьхь. Нассаун хаза гавань а, сийсаша хӀордан порт а ю. Багамийн тропикан климато а, Ӏаламан хазалло а Нассаух гӀараяьлла туристийн йукъ йина, паргӀата садаӀар дийнахь долуш, самукъа даккхар буса долуш.
Нассау кхоьллина XVII бӀешеран юккъехь ингалсхоша Чарльстаун (инг. Charles Towne) аьлла цӀе тиллина, амма Нассау аьлла цӀе хийцина Вильгельм III Оранан-Нассау сийнна 1695 шарахь. XVIII бӀешарахь Карибийн хӀордан талорхойн лочкъийла яра иза, ткъа царех уггаре гӀараваьлларг Ӏаьржа Маж цӀе йолуш вара. XVIII бӀешо чекхдолуш испанхойн тӀелетаран объект яра Нассау, ткъа 1776 шарахь иза цхьаьна хенан схьа а яьккхира америкин революционераша. 1782 шеран майхь гӀайренаш а, коьрта шахьар Нассау а, дӀалецира испанхоша, амма 1783 шеран июлехь цкъа а герз ца кхуссуш юха а схьаяьккхина британин лоялисташа. Америкин тӀом чекхбаллалц 7000 сов лоялист кхелхина цига АЦШ континентан декъера.
Парижан машарца гӀайренаш Британин кхечира, колони британин хилира 1973 шо кхаччалц. XIX бӀешо долалуш, Британехь лайш бохкар дӀадаьккхачи, кхуза бахка буьйлабелира хӀуӀаьржа бахархой — Америке доьду кеманаш тӀиера мукъа баьхна лайш.
ШолгӀа дуьненан тӀом болучу хенахь Нассаун тӀехь америкин бердан хойн хӀордан кеманийн а, катерийн а база яра, цара дуьхьало йора Кригсмаринен хин бухахула лела кеманашна.
1968 шарахь дуьйна Нассаухь премьер-министран резиденции яра — юьхьанцашеш шайна урхалла даран мехкан премьеран, ткъа 1973 шарахь дуьйна маьрша пачхьалкхан Багаман ГӀайренаш.
- ↑ definition of Nassau (инг.). Oxford Dictionaries Online. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 14 февралехь Архивйина 2012-03-08 — Wayback Machine