Басаевн тобанца хилла ву аьлла диъ шо хан тоьхна Дагестанера вахархочунна (original) (raw)

Дагестанан вахархочунна Шамбилов Ренатана диъ шой, ворхI буттий хан кхайкхийна колонихь йаккха 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархошна тIелатарна. Оцу кепара сацам бовзийтина Хасав-Юртан кIоштан кхело.

Талламан версица, тIеман буьйранчаша Басаев Шемала а, Хаттаба а герзашца вовшахтоьхначу тобанашлахь хилла ву Шамбилов, цо дакъалаьцна Дагестанера Ботлихан кIоштахь оьрсийн салтишна тIелеташ. Бакъоларйаран органийн белхахочун дахарна кIело йарна кхело бехк тIехь битина цунна, хаамбо "Интерфакс-Юг" агенталло Ставрополан кIоштахула йолчу ФСБ-н сервисан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Зорбане билгалдаьккхина, 1999-чу шарахь Шамбилов 18 шо кхачанза хиларна "таIзар кIеда дитина" аьлла.

Басаев Шемалан а, Хаттабан а гIаттамхой Дагестане чубахара Нохчийчоьнан дозана тIера, цигахь тIемаш бира цара 1999-чу шеран марсхьокху-беттан юьххьера гIадужу-беттан 15-чу дийне кхаччалц цкъа хьалха Ботлихан, тIаьхьо Новолакскан кIошташкахь. Официалан хаамашца, цигахь вийна 280, лазийна 800 сов Оьрсийчоьнан эскархой, полисхой, иштта могIарера нах а. И хиламаш цхьахдолчу коьртачу бахьанех хилира Нохчийчохь ШолгIа тIом боло, цуьнан гурашкахь Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчу далийра 1999-чу шеран гIадужу-беттан 30-чохь.